ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанал арабовлар дихкина Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошна


Дозанал арабовлар дихкина Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошна. Иза хьакхалуш ду Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, Федералан миграцин сервисан а, Наркотикашца къийсам латторан сервисан а, ТаIзарш кхочуш даран сервисан а белхахойх а, ткъа иштта цхьана декъана ТIеман министраллан эскархойх а.

Цунах лаьцна хаам бина «Известия» гезето. Цкъачунна и информаци официала кепара тIечIагIйина яц. Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошна цхьана ханна дихкина I50 сов пачхьалкхе бахар. Царна юкъахь ю Туркойчоь а, Болгари а, Британи а, Iамерка а, Япони а, Мексика а, Итали а, Испани а, Чехи а, Куба а.

Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурашкахь болх беш ву 4 миллион сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG