ТIекхочийла долу линкаш

Юккъерачу Африкан Республикехь Францера машарбархоша къелхьарабаьхна бусулбанаш


Юккъерачу Африкан Республикехь болчу Францера машарбархоша Оршотан дийнахь бусулба нах арабаьхна цу пачхьалкхан коьртачу гIалара Банги-ра. Уьш хIинца дIатарбина бу бусулба гIаттамхойн карахь йолчу Бамбари-гIалахь. Reuters-агенталлан корреспонденто дийцарехь, яккхийн машенаш тIехь,150 французийн эскархочо ха а деш, бусулбанаш дIакхачийна Банги-на 300 километр йолчу Бамбари-гIала.

2013-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Селека олучу бусулбан гIаттамхойн тобано дIалаьцнера Банги. Амма кху шеран Дечкен-баттахь цара иза йитинчул тIаьхьа, Банги-гIалара бевдда берриг аьлча санна болу бусулба нах. Кху баттахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин Кхеташоно бакъо елира цу махкахь 12 эзар машарббархо дIатарван. Цуьнан бахьана дара 6 эзар Африкера а, 2 эзар Францера а машарбархой гIорасиз хилла хилар цигахь къепе хIотторехь.
XS
SM
MD
LG