ТIекхочийла долу линкаш

Пхи стаг вийна Украинехь Славянскехь дIахьочу операцехь


Еарин Iуьйранна Донецкан кIоштехь, Славянск-гIалахь кхо блок-пост йохийна Украинин эскархоша оьрсийчоьнехьа йолчу тобанашна дуьхьал тIеман операци дIахьош. Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, цу тасадаларшкахь вийна лаххара 5 сепаратист.

Оьрсийчоьнехьа бочу жигархоша Славянскехь дIалаьцна латтош ю милицин урхаллан а, кхерамазаллин сервисан а, гIалийн администрацин а гIишлош а, дарбанан цIенош а, хьешан хIусамаш а. Еарин буса Украинин эскархоша юхатоьхна Артёмовск олучу гIалана йистехь долчу тIеман декъана дина тIелатар. Милицин дакъоша маьрша яьккхина Мариуполан мэрин гIишло.
XS
SM
MD
LG