ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь террорана гIортор ен пачхьалкх ларийта петици йолийна КIайчу ЦIийнан сайта тIехь


КIайчу ЦIийнан сайта тIера петици

КIайчу ЦIийнан сайта тIера петици

Iамеркан Цхаьнатоьхначу Штаташкара КIайчу ЦIийнан сайта тIехь петици йолийна, Оьрсийчоь - террорана гIортор ен пачхьалкх ларийта. «Украинина кхайкхийна боцчу тIамехь, дуьненаюкъара терроризмана юкъайогIу, къайлаха операцеш лелайо Оьрсийчоьно», - аьлла ду цу документехь. Iедалшка и петици йийцаре яккхийта, бIе эзар цIейоза деза.

Украинера ша схьаяьккхинчу ГIирманна а, Украинина юкъахь доза хIттийна Оьрсийчоьно. Цу ах-гIайренна тIера мехаш, оьрсашна муьтIахь долчу меттигера Iедалша бакъ а деш, дела денна лакхадовлуш ду. Оццу хенахь, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона дIахьедар дина, Оьрсийчоьно ша юьхьарлаьцна некъ хIинца хийца тIаьхьа ду, ткъа Цхьаьнатоьхна Штаташ «гIуллакх дан кийча ю» ю аьлла.

https://petitions.whitehouse.gov/petition/designate-russia-state-sponsor-terrorism/XMjbTltM#thank-you=p

ХIуъа дина а, тIом ца хилийта агIо лоьхуш долу Украинан Iедалш ледара хетта Кремлана. Муьлхха компромисс кховдича а, Москох реза ца хуьлу. Украинан малхбалера кIошташкара хьал марсадоккхуш бу, Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн векалш. Билггал уьш цигахь хиларан суртийн тоьшалш Европан Кхерамазаллин а, Цхьанабелхан а Организаце а хьовсийна.

«Батькивщина» партин депутат Рыбак Владимир карийна деношкахь вийна. Оцу хьокъехь дIахьедар динчу Тимошенко Юлияна хетарехь, ницкъ бина, депутат вийнарш Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн векалш бу. Украинина дуьхьал кхайкхоза тIом дIахьош волу оьрсийн президент Путин Владимир ву цу зуламна бехке, элира Тимошенкос.

Шайн къийсам – Оьрсийчоьнан къомаца бац, Путинан империн амбицешна дуьхьал бу. "Украинина коча боьллина тIом, хьан режиман чаккхе хир ю. Шек ма вала хьо, тхо тоьлур ду, хьан наха шаьш динчу зуламех жоп лур ду", аьлла, шегга Путине дIахьедар дина Тимошенко Юлияс.

Оццу хенахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а шога санкцеш яха еза аьлла хеташ бу Iамеркахой. Iамеркан Сенатера тIеман ницкъийн комитетан куьйгалхочо Левин Карла аьлла, Вошингтоно Москохана дуьхьал экономикан санкцеш яха еза, къаьсттина, оьрсийн банкашна а, «Газпром» компанина а.

Нохчийчоьно маьршонехьа болийна къийсам терроран тIегIане боккхуш ша лелийна пропаганда, хIинцца нийсса пурханехьа лело яьккхина Кремло.
Шен къамелехь «Киевера хунта», «ницкъ баран операци», «шен къомана ницкъ барца, украинан эскаро деш долу ладаме зулам».

Путина Нохчийчохь дIабахьначу тIамехь дина дIахьедарш а, хIинца Киевана кхерамаш туьйсуш деш дерш а дустуш артикл язъйина журналисто Мильштейн Ильяс. Оьрсаша нохчашца тIом барах операци алара. Ткъа оьрсийн украинхошца тIом беш хилча, цунах тIом олу.

Украинхойн Iедалша тIеман кеманашца Донецкана а, Луганскана а тIе бомбанаш эгош, уьш дIашаръеш ца хилча, Славянскехь а, Краматорскехь фильтрацин лагерш йохкуш ца хилча, уьш шайн къомана дуьхьал тIом беш болчух тера ду, Кремлана гарехь, бохуш яздо Мильштейна. Ткъа, аьтта, охьайиллина хилла Соьлж-гIала а, Чернокозовехь лелийна къизаллаш а, иза цхьа конституцин къепе хIотторан амал ю.

Иштта, кхин дIа дуьйцу Мильштейна, Нохчийчохь герз карахь хилла божарий, тIемалой а, дуьненаюкъара террорахой а дера бара. Ткъа Славянскера герз карара божарий, гIаттаме бевлла, къоман уггар тоьлла векалш бу. Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастон йиш йоцу дакъа – контртерроран хила деза жамI. Ткъа, ГIирма, Украинан малхбале я ерриг Украина а Оьрсийчоьнах дIатохар, иза-м, меллаша тIаме боьрзуш болу, «къомо цивилизацин процессехь бовзийтина лаам бу». Кремлан хьесапехь, и тайпа тIом нийса а, маьршонехьа а бу.

Оцу кепара лелар долчу пачхьалкхана цкъа а саца ца хаьа, бохуш яздо Мильштейна кхин дIа а шен артиклехь. Шен цIахь шуьйрачу барамехь адамаш дойъий, шена ца товчу кепара ойланаш йолчу нахана ницкъ бой, таIзарза ша йисарх тешначул тIаьхьа, и тайпа пачхаьлкх нехан латтанаш а дIадаха йолало. Иза цхьа дола ца далун, ца бузаран амал ю фюрерийн, диктаторийн а. Эххар а, цхьана бункерехь мукхадехкан дIовш кхалла дезаш йоьрзу иза, бохуш дуьйцу Мильштейна.

КIайчу ЦIийнан сайта тIехь йолчу петицина буха бIе эзар стага куьг яздахь, Оьрсийчоь - террорана гIортор ен пачхьалкх ларарна хьокъехь цхьа сацам бан дезар ду Iамеркан Iедалийн.
XS
SM
MD
LG