ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк: Оьрсийчоь кхоалгIа дуьненан тIом бакхха гIерта


​Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс бехке йина Оьрсийчоь Украинехь лелориг бахьана долуш кхолагIа дуьненан тIом баккха гIертарна. «Оьрсийчоь Украина дIалаца гIерташ ю тIамца а, политикица а» аьлла дIахьедар дина цо.

Хьалхо Украинин тIеман министро Коваль Михаила хаам бира Оьрсийчоьнан эскарш тIедаьхкина шайн дозанна цхьа километр йиссалц аьлла. Шайн эскарш агресси юхатоха кийча ду бохуш вара Украинин тIеман министр. Москох дIахьедарш деш ю Украинин дозанца тIеман Iамораш деш ю ша бохуш.
XS
SM
MD
LG