ТIекхочийла долу линкаш

ШолгIа мур хир бу ОфхIанистанан президентан харжамашкахь


ОфхIанистанан президентан харжамийн хьалхарчу муьран жамIаш довзийтина цигарчу йозуш йоцучу харжамийн комиссино. Цуьнан гIантдас Нуристани Ахьмад Юсуфа дийцарехь, хьалхарчу муьрехь 49, 9 иттолгIа процент кхаьжнаш а гулдина, толам баьккхина ОвхIанистанан арахьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Iабдулла Iабдуллас. ШолагIчу меттехь ву 31,5 иттолгIа процент кхаьжнаш гулдина волу финансийн министр хилла волу ГIани Ашраф. Цара дакъалаца мегаш ду ОвхIанистанехь хир болчу президентан харжамийн шолагIчу муьрехь.
XS
SM
MD
LG