ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера журналист дIалаьцна сепаратисташа Украинерчу Славянскехь


Славянскехь муьулаш бу ца хуучу наха лаьцна дIавигина Украинера ZIK цIе йолчу телеканалан штатехь воцу коррепондент Лелявский Юрий. "Телекритика" олучу сайто бинчу хаамца, Лелявскина тIелетта ПIераскан сарахь, иза видео йоккхуш волуш. Зуламхоша иза дIавигина меттигерчу гIалин администраце.

Уьш реза боцург хилла цу журналистан регистраци Лвов-гIалахь хилар. Украинера "Институт массовой информации" олучу организацино бинчу хаамца, Охан-бутт болабелчхьана Украинин Малхбалерчу кIошташкахь Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъаш лаьцна 18 журналист.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG