ТIекхочийла долу линкаш

Украинин доза дохийна Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша


Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша Украини хIаваан доза дохор тIом баккха гIерташ питана тасар дара аьлла дIахьедар дина Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс. Шоьтан-дийнахь Римехь Папица Францискца а, Италин премьер-министрца Рензи Маттеоца а цхьаьнакхийтира Яценюк. Украинехь хьал ирдалар бахьана долуш хенал хьалха цигара цIаверза сацам бина цо.

Яценюк Арсенийс бинчу хаамца, Шоьтан буса Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша 7-зза доза дохийна Украинин. Цу хеннахь Украинин Малхбалерчу кIоштахь сепаратисташа лаьцна латтош бу ОБСЕ-н миссин декъашхой а, царца хилла Украинин эскархой а, верриг а 13 стаг. Украинин кхерамазаллин сервисан белхахоша дийцарехь, дийна турсах санна царах пайда эца дагахь бу сепаратисташ.
XS
SM
MD
LG