ТIекхочийла долу линкаш

РогIера санкцеш юкъаяьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал



РогIера санкцеш юкъаяьхна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан Iедалехь Украинана тIеIаткъам бечу хьакамашна дуьхьал. Президентан Путин Владимиран уллера накъост ву царех цхьаъ – Сечин Игорь. Санкцеш лан къастийначийн могIарахь ву кхин а 6 лаккхара хьакам.

17 Оьрсийчуьра компани а ю экономикехь, финансаш леларехь Iамерко тIеIаткъам бийр болчийн декъахь.

«Роснефть» компанин куьйгалхо Сечин Игорь Малхбузено санкцешна буха вохуьйту иза Украинерчу Малхбалехь лелачу сепаратисташна аьтто беш хьийзарна. Кхечу Оьрсийчоьнан куьйлахойх санкцийн кху «кхолагIа тулгIе» олучу декъе кхачийна Iамеркан Штаташа Оьрсийчоьнан дипломат Пушков Алексей а.

Санкцех цкъачунна маьрша йитина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа дуьнентеIхь уггаре яккхийчийн могIарахь йолу «Газпром» компани.
XS
SM
MD
LG