ТIекхочийла долу линкаш

Европан Барт а ю санкцеш шоръян дагахь



Iамеркан Штаташна тIаьххье Европан Бертан Iедал а ду Оьрсийчоьнна дуьхьал рогIера санкцеш Iяха кечлуш. Дипломаташа бечу хаамца, Украинана дуьхьал харцо лелаечу15 политикан, Путин Владимирна гонахарчу нахах хир ю санкцийн «кхолагIчу тулгIенехь». Хьалха санкцешна шайна духьалъяьхначу 50 стагна а санна, царна доьхкур ду Европехь финансаш лелон а, цига визанаш эца а.

Сацаман проект тIечIагIйийр ю Европан векалша карарчу сохьташкахь. Европан Бертан журнал тIехь сацам гучубер бу шинарий де дерзале.
XS
SM
MD
LG