ТIекхочийла долу линкаш

Мохк бегийна Нохчийчохь



КIирандийнахь Нохчийчуьрчу Веданан къоштахь, нах бехаш боцчу хьаннашкахь, мохк бегийна, амма цо дина зен дац, хаам баржийна сейсмологаша.

4,2 Рихтеран барамца лестам болуш хилла и Iаламан хьовзам, 14 метр лаьттан кIоргенехь, ярташна ткъеха чаккхарма юьстах.

КIира хьалха Куьршалан кIоштахь а хааделира мохкбегош. 3,5 бараме ца кхоччуш бара цуьнан ницкъ а.
XS
SM
MD
LG