ТIекхочийла долу линкаш

Чернобыло заьIапбинчу нохчийн бала бац


Беларус - Чернобылна гена йоццуш лаьттачу Вохар-юьртахь, 25Оха2014

Беларус - Чернобылна гена йоццуш лаьттачу Вохар-юьртахь, 25Оха2014

Чернобылехь зарратан станци иккхича, бохаман ларш йойъуш гIо а дина, цIабаьхкина нохчий Iедале шайна низамо къасточу барамехь пенсеш далар доьхуш хьийза ду дуккха а шераш. Амма уьш хезаш вац стагга а.




Кху беттан 26 –чу дуьзна 28 шо дуьзна Чернобылехь зарратан 4-гIа реактор а иккхина бохам баьлла. Хуучара даре дарца хIетахьлерчу куьйгалхочо Брежнев Леонида дуьнентIехь уггар йоккхачех аьлла яйтина реактор хилла иза 60 шарна хьесап долуш чудиллина уран а долуш. И бохам къарбарехь жигара дакъалаьцна нохчаша а.

Белларш боцуш тахана а махкахь вехаш ву 300 гергга Чернобалехь дакъалаьцна вахархо. Церан сий-ларамна цхьаьнакхетарш дIадехьна массо кIошташкахь. Даарх-маларх юьзна стоьлаш хIиттош хьошалгIа дарал сов, тIеюха цхьацца бедар-хIума луш совгIаташ дина чернобалцашна.

Нохчийчуьра Чернобылехь дакъалаьцнарш кIезиг ца хиллехь а, уггар эшам хиллачех бу кхузарниш. Стенна аьлчи, хьалха а дийцина ма хиллара, 1994 шарахь дуьйна лакхара пенсеш оьцуш бу кхечу кIошташкара цу Iожаллина кхерамечу меттехь хилларш. Ткъа кхузара и санна кхаж баьлларш дукха бац. Царех ву Новр кIоштера Хасуев Абубакар а. Цо шайн, чернобалцийн, барт цахиларца а дузу цкъадолчунна, Iедалера шайна хьакъдоллу гIо цахилар.

Абубакар: « Со 1988 шарахь хилла Чернобалехь. Тхан хьалхаваьлла лелачу Заурбеков Iелина дика хуур дара ала дезарг а ца дезарг а. Цхьаболчарна пенсеш лакхара хIиттор вукхарна лахара хIиттор –иза доза облученица доьзна ду. Цара шайна луъург бен да ма ца до. Кхузахь дукха бу лахара пенсеш дерш. Барт бац. Ша-ша ,тийна таьIIа шайн гIуллакх дан гIерташ бу, барт бац.

Барт хиллехь шадерг дика чекхдер долуш ма дара. Сан пенси 7 эзар ду-кх. Къайлах-къулах лелош хIуманаш дацахьара ,цхьа таьжгенаш лелош яцахьара гIуллакх ишта хир дацара. барт белхьара оха аьлларг дийр долуш ма бара Москохарниш а. Росси реза ма яра хIокху сохьта а тхан гIуллакх дан. Суна масала чернобалцана санна, луш дерг ши ботт чай а. шекар а, ши ботт гарзанаш а ло-кх кхаа баттахь цкъа…»

Шайна лакхара пенсеш цадалар хьокъехь нохчийн чернобалцаша гIо даре сатуьйсуш, хеттарш делла хьалхо, ма ярра эфирехь жоьпаш луш хиллачу Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Амма цул тIаьхьа ши кIира гергга хан яьллехь а цкъачунна хийцаме даьлла хIумма а дац бах Чернобылехь хиллачара.
XS
SM
MD
LG