ТIекхочийла долу линкаш

Мила ву Украинера сепаратисташ закъалтна нах леца Iамийнарг?


Украина -- Славянскерчу сепаратисташа ОБСЕ-н белхахойх цхьаъ мукъвоккхучу муьрехь, 27Оха 2014

Украина -- Славянскерчу сепаратисташа ОБСЕ-н белхахойх цхьаъ мукъвоккхучу муьрехь, 27Оха 2014

ХIинца а лаьцна латтош болу Украинерчу Славаянск-гIаларчу сепаратисташа Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин векалш. Лаьцначу 8 стагах к1ирандийнахь цхьаъ дIахецна, иза цомгуш хиларна. Кхечеран кхоллам муха хир бу цкъачунна хууш дац.




Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин II векал чохь волу автобус Славянск гIалахь Iедал дIалаьцначу сепаратисташа охан беттахь 25-чохь сацийнера. Цу чохь хиллачех кхоъ Украинин вахархо вара, ткъа бархI – Европин. Оцу сохьта сепаратисташа закъалте лаьцначу царех виъ Германин векал ву, цхьацца- Данин, Чехин, Полшин, Швецин. И тIаьххьарниг – Швецин вахархо, - кIирандийнахь шекар -цамгар долуш ву аьлла, маьрша ваьккхина Славянскерчу шаьш Iедал дIакхайкхинчу наха.

КIирандийнахь лийцинчеран тобанера цхьаъ, немцойн эпсар Шнайдер Аксел, вистхилийтира леринчу пресс-конференцехь ша шех „къоман мэр“ аьлла цIе тиллинчу Славянскерчу Оьрсийчоьнгахьа болчу сепаратистийн куьйгалхочуо Пономарев Вячеслава. Шен кхъамелехь Шнайдера, Европехь кхерамазаллин а, цхьанаболхбаран а юкъараллин миссин декъахь Украинехь болх беш хиллачу, билгалдаьккхира, шайна тIехь цхьаммо а ницкъ ца бина, амма шаьш маьрша маца довлуьйтур бу бохург шайна хууш дац, аьлла.

„Тхо кхуза дипломатийн миссица даьхкина ду, Европехь кхерамазаллин а, цхьанаболхбаран а юкъараллин тергамхой санна. Мэро тхуна дош делла, тхан кхерамазалла ларор ю аьлла“, - элира закъалтехь латточу немцойн эпсара, гаррехь шега ала аьлла, тIедожийна долу дешнаш.

И кхардаме пресс-конференци вуно емал йина Шнайдеран Даймахкахь Германехь, иза эспарийн а, дипломатийн а сий дойъуш дина хIума ду, аьлла. Немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера дера критика йира цу кепарчу „шоуна“.

„Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин белхахой а, Украинин кхерамазаллин структурийн белхахой а „тIеман лийцинчеран“ вастехь схьаиэхьар – иза вуно маьттаза хIума а ду, цу нехан Iаламате сий хьешар а ду“, - бохуш яздо цуо журналисташлахь даржийначу немцойн арахьарчу гIуллакхийн министраллин официала дIахьедарехь.

Журналисташна лийцина дипломаташ ишттачу хьелашкахь гайтар – иза цхьанна а кепар дуьйцу хезна хIума дац, я ишттачу хьелашкахь дуьненчохь лелачу стандарташца догIуш а дац, элира Штайнмайера. Иштта цуо билгалдаьккхира, сепаратистийн лелар – массо а адамийн гIиллакхаш а дохош йолу маьттазло ю, аьлла.

Цуьнца цхьаьна немцойн коьртачу дипломата элира, Москохано, шен мел болу ницкъ ира-кара а хIоттийна, дуьненаюкъара тIеман тергамхой дIахецийта беза, аьлла. „Оьрсийчоь декхарийлахь ю, цу сепаратисташна тIеIаткъам бан, цаьрга шаьш лийцина нах сихонца дIахецийтархьама“, - элира цуо.

Карладакха догIу, Славянскерачу Оьрсийчоьнгахьарчу сепаратисташа шаьш лийцина болу дуьненаюкъара тIеман тергамхой НАТо альянсаш шпионаш бу аьлла дIакхайкхина хилар а, шьаш уьш машарца дIахеца дагахь ца хилар цара довзийтар а. Сепаратисташа дийцарехь, цара Европера дипломаташ Киеверчу Iедало лийцинчу шайн накъостех хуьйцур бу.

Ала догIу, Малхбалерчу Украинехь Iедал дIалаьцначу низамца йоцучу тобанаша, дуьненаюкъера бозуш боцучу тергамхоша гаррехь Оьрсийчоьнан гIоьнца а, Оьрсийчоьнна тIетевжаш а лелаш лоруш болу, дуьххьара деш зулам дац Европера векалш закъалте лацар.

КIира хьалха лецира цара Италерий, Беларусерий кхо журналист. ТIе герзаш а хьежош, байъаран кхерамаш а туьйсуш, хьийзира шаьш цу наха бохуш дийцира Италерчу журналиста Гого Пола шаьш дIахецначул тIаьхьа прессе. Кхин а ирчох хьал ду сепаратисташа лийцина латточу Киеверчу шина журналистехь, Лефтер Сергейхьий, Крат Ирмахьий.

Цхьаццадолчу хьостанаш чIагIдарехь, царна етташ ницкъ бина зуламхоша, уьш Киеверечу Iедалан айкханчаш хиларна бехке а беш. Юкъарчу хьесапехь хIинцале а I8 -за тайп-тайпанчу хаамийн гIирсийн векалш лийцина Оьрсийчоьнгахьа лелачу меттигерачу сепаратисташа.

И хьал вуно тера догIуш хетало Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша а, эскархоша а журналисташ а, юкъараллин жигархой а, дуьненаюкъара тергамхой а луьйцуш, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш болчу хенахь а, цул тIаьхьа а питанаш лелорех. Дуьххьара нах закъалтан лийцаран а, уьш бохка-эцаран зуламан зирх ДегIастанахь тессинарш бара оьрсийн эскархой, шаьш лийцина болу закъалташ я церан декъий гергарчу нахана дохка марзабелла болу.

Цул тIаьхьа, тIом дIабаьллачул тIаьхьа, шайн бохкабеллачу я шайха Iехабеллачу меттигерачу цхьаццаболчу тIеман декъашхошца бертахь цара дийна конвейеран хьесапе диллира, Нохчийчохь и тайпа талорш лелор.

Ма-дарра аьлча, дукхохчу хьолехь, шаьш закъалташ лийца а луьйцуш, шаьш уьш Нохчийчу дехьа а бохуш, шаьш царех ахча а луш, тIаккха юха шаьш уьш маьрша баьхчуха телевизионехула гайта а гойтуш, дийна цхьа индустри кхоьллинера цара, Нохчийчоьнна рогIера бала а, тIом а болон бух кечбеш, цуьнца цхьаьна цхьацабоочу, цу бизнесан декъачу, зуламхойн киса а дузош.

Массарна а хууш дара, массара а дуьйцуш а дара, масала, цхьа вевзаш волу оьрсийн инарла, Нохчийчохь тергамхо санна болх беш хила волу, закъалте лаьцначул тIаьхьа, кхаа миллион долларах иза маьрша ваьккхича, цу ахчанах кхозлаха дакъа, нийса I миллион, цу инарлинашена кхаьчнийла.

ХIетте а и тайпа ирча талорш бахьана санна ца тоьира Оьрсийчоьнан Iедална Нохчийчохь рогIера тIом баккха. Шеконечу, цхьаммо а билгал теллина доцучу хьелашкахь, амма массарна а аьлча санна оьрсийн къайлахчу сервисаш дина аьлла хетачу зуламца Москохара цIенош лелха доладаллалца. Цунна бехке бира нохчий, эскарш чу дига бахьана а хуьлуш.

Малхбалерчу Украинерчу сепаратисташа, кху кIиранашкахь Москохана томехь дерг дан гIерташ сел саьхьара хьийзачу, ойла ян езара цу хIуман. Сахьт дац, цара лелош долу талорш тоъалла ца хеттачу цабевзачу „баьццарчу наха“ цхьа ши-кхо гIишло, шайна чуьрчу нахаца цхьаьна, эккхийта. Оьрсийн эскаршна, цигарчу нахана орцах довла аьлла, Украине чуттадала бахьана хилийтархьама.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG