ТIекхочийла долу линкаш

Европан Берто керла санкцеш юкъаяьхна. Оьрсийчоьнехьара ницкъаш Луганскера Iедалан гIишло лаьцна


Украинерчу девнехь лоцу дакъа бахьанехь, Европан берто керла санкцеш яьхна 15 Оьрсийчура вахархочунна дуьхьал. Цул а цхьа де хьалха Iамерко а яьхнера шен санкцеш, Оьрсийчура лакхарчу даржашкара нахана а, компанешна а дуьхьал. Шен агIора, Украинера хьал лортIе далош цу санкцеша гIо дийр дац, аьлла дIахьедар дина Москоха. ХIокхунах лаьцна шуна алссам хезар ду, керланаш чекх ма девллина.

Санкцеш йохучу юкъанна, Луганскехь кIоштан Iедалийн администраци лаьцна Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша. УНИАН агенталло бечу хаамца, цу гIишлонан кораш а дохийна, корехула чубевлла жигархой. «Украинская правдано» дийцарехь, хьалхуо дIалаьцначу Украинан Кхерамазаллин Сервисан урхаллин гIишлонна агIора тIебахана хилла сепаратисташ. «ДIаяккха Хунта!», «Оьрсийчоь!» бохучу маьхьаршца чулилхина, Оьрсийчоьнехьа болу, митингийн декъашхой. ДIалаьцначу гIишлонна хьалхарчу майданахь ши эзар гергга адам гулделла. Карахь лаьцна байракхаш ю. Массеран а аьлча санна, духарна тIелетийна везачу георгийн цуьргаш ду.
XS
SM
MD
LG