ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий Европе лохку бахьанаш талла Данера делегаци яхана Нохчийчу


Дани -- Европан а, Данин а байракхаш ю КопенхIагенерчу автобусана тIехь, 02Деч2011
Дани -- Европан а, Данин а байракхаш ю КопенхIагенерчу автобусана тIехь, 02Деч2011

Данера миграцийн урхаллера делегации еъна Нохчийчу. Церан Iалашо ю, нохчий шаьш долчу далош долу бахьанаш къастор.


Ши-кхо де ду Нохчийчу Данера, миграцийн урхаллан йоккха делегаци еъна. Кхузахь цара доккхура долчу кIирнахь, цара толлура ду, махкахь долу хьелаш а, адамийн бакъонашца долу гIуллакх а. Кхечу дашца аьлча, Европехь тоьллачарах лоручу пачхьалкхерачу хьешашна хаа лууш ду, шаьш долчу схьаоьхучу нохчийн терахь лахлуш хIунда дац. Нохчийчуьрчу Iедалша, лаккхарчу тIегIан тIехь тIеэцна беза хьеший, царна луъ-луучу буьгуш лелош бу уьш.

Делегацина хьошалгIа деш ву Нохчийчоьнан Iедалан арахьарчу гIуллакхан комитетан куьйгалхо Хаджимурадов Iиса. Цуо билгалдаьккхира 20I3 шарахь, Дани пачхьалкха дIабаханчу нохчех 20 процент бен цигахь тIе ца эцнийла. Хаджимурадовна хетарехь, вуьш, тIе ца лаьцнаберш, вуочу хьоле кхаьчна- цIа бахка дезна церан. Иштта царна, ахчанца зе а, синIаткъам а хилла боху нохчийн даржхочо.

Данерачу Iедалша лелочу терахьашца дуьстича дIадаханчу шарахь цу пачхьалкхе цхьа эзар ца кхоччуш мухIажарш тховкIело ехна. Царах дукхахберш Нохчийчуьра бахархой бу боху, оцу пачхаьлкхерачу делегацийн коьртехь волчу Олсен Ян. Иза ша ву миграцийн урхаллийн белхахо. Нохчийчохь бехачаьрна дика хаа, шай аьтто хилча, Европе гIура бара, я бацара шаьш.

Амма, Данерчу миграцийн урхаллан лаккхара хьехамчо Олсен Яна далочу терахьашна, шайн жоп ло кхузарчу Iедалша. Масала Хаджимурадов Iисана хетарехь, шаьш нохчий бу бохуш аьшпаш а буттуш цига дIаоьхуш бу, Пакистанера а, Гуьржийнчуьра а, Азербайджанера а, иштта кхин дIа йолчу пачхьалхашкара мухIажарш. Ткъа, мел тера ву, масала пакистанхо нохчочуьнах, оцу хаттарна жоп лахар чоьте а ца хета.

Ткъа, муха, ю Нохчийчуьрчу нехан дог-ойланаш? ГIура барий, шай аьтто хилча Европе дIа, аьлла деллачу хаттарна, диъ берийн нана йолчу Залинас иштта жоп делира.

Залина: «Цкъа дага догIу дIаяха а. Цигахь дахаран хьелаш гIоле хира дацара теша олий. ДIа мел баханчара, цигахь дика ду боху. Юха, цIерчарна сагатталура дара дIабахча. Берашна гIуллакх-гIиллакх а дицдаларна кхоьру. Ларждан дезаш ду цигахь бераш. Амма, сайн аьтто хичла дIа-м гIура яра».

Марем цIе йолчу зудчуьнна мелхо а, цIахь хилар гIоле хета, хIунда аьлча, нохчий дукха дIаихча, цIахь церан меттигаш кхечу къомах болчу наха дIалацарна.

Марем: «ДегIастнара дIавахча, гергарчарах а ваьлла, Iен атта а ма даций. Шаьш дабахана дохкох боьвла а шортта бу. Сагатлуш ву-кх цига дIа мел вахнарг. Шай цIахь бакъахь бара уьш. ХIара вай Нохчийчоь яс а ца еш. Чубохучу оьрсишна а, кхечарна а, хIара меттигаш ясъеш ю-кх цара. Ша волу нохчи кху чуьра дIа а вахна, кху чохь гIазкхийн къам доладаларна кхоьруш ю-кх со».

Нохчийчуьра тахана Европе тховкIело йоьхуш дIаоьхучеран дукхах долу дакъа дахаран аьтто лоьхуш боьлху. Иза бакъ хилар тоьшаллан санна ду, лакхахь йистхуьлучу зудчо дийцина долу къамел а. Тахана, Нохчийчохь цхьанна а тайпа, политикан доьхьалонаш, я оппозици а аьлла меттиг бац. Иза муха хуьлу, харжамашкахь а, 120 процент кхаж тосуш бу шайна бохуш Iедалша дIакхайкхош хилча. Цундела, тамаш бу, нохчийн юккъараллехь болчу баланех Данера баьхкинарш кхетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG