ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондана хетарехь, Оьрсийчоьнан экономика рецессина юкъа яхана


Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондана хетарехь, Украинера кризис бахьанехь, Оьрсийчуьра ахча шуьйра барамехь арадоккхуш хиларна, цу пачхьалкхан экономика рецессина юкъа яхана. И аьлла дIахьедар дина тахана, Москох хиллачу зорбан-конференцехь Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондан Оьрсийчоьнан миссин куьйгалхочо Спилимберго Антониос.

«Шина кварталехь тIаьхьий-хьалхий кхиар минусехь хиларан билгало вай рецесси лоруш елахь, цунна тIедоьгIна хьаьвсича, Оьрсийчохь рецесси ю», элира Спилимбергос. Цо бахарехь, Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондо лахдина, 2014-чу шарахь Оьрсийчоьнан Чоьхьара Бахам кхиаран терахь.

Цхьаъий кхоъъий долчунна тIера, цо иза ноллий, шиъий терахьана тIедаьккхина. Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондан векало бахарехь, хIокху шарахь Оьрсийчура арадоккхур долчу ахчанан барам 100 миллиард доллар бу. Спилимберга билгалдаьккхира, Оьрсийчоьно ГIирма схьаяккхарна а, цо Украинехь лелочунна а дуьхьала кхайкхийна санкцеша оьрсийн экономикина вуон агIора тIеIаткъам бан болийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG