ТIекхочийла долу линкаш

Парламентан харжамаш дIахьочу Иракъехь лелхийтарш дира


Парламентан харжамаш дIахьош йолчу Иракъехь, Киркук-гIалина уллерчу цхьана харжаман куьпехь хиллачу эккхийтарехь елла ши зуда. Кхин а шозза эккхийтар хилла, БагIдадан малхбузерчу цхьана шина харжаман куьпехь а.

277 политикан цхьанатохараллин юкъара 9 эзар сов кандидат ву парламентера меттигаш къуьйсуш. Иракъан парламенте харжа везарг 328 депутат ву. Иракъан премьер-министран дарже хоржун болчу кандидаташна юкъахь коьртаниг аль-Малики Нури лоруш ву. Кхин а деа шарана шен даржехь виса дагахь ву иза. Кхаж таса бакъо йолуш 21 гергга стаг ву Иракъехь.

Иракъан Харжамийн Комиссин векалша бечу хаамца, радикалан исламисташа урхалла дечу Анбар провинцехь, цуьнан 70 процент латта тIехь бен харжамаш бац дIахьош.
XS
SM
MD
LG