ТIекхочийла долу линкаш

СовгIаташ, кхин йолу хуьскаш езаш боьлху Нохчийчу дукхах болу авантюристаш


Германи - Нохчийн мухIажарш а, царах дог лозу немцой а бу Мюнхенехь нохчий арабахарна дуьхьал митинг дIахьош, 2010, Зазадоккху бутт

Германи - Нохчийн мухIажарш а, царах дог лозу немцой а бу Мюнхенехь нохчий арабахарна дуьхьал митинг дIахьош, 2010, Зазадоккху бутт

РогIера Европера делегаци яхна кху деношкахь Нохчийчу. ХIун бахьана ду те Европера хьукматхой кест-кеста Нохчийчу эхаран? Муха тIеоьцу иза Малхбузехь тхов-кIело лоьхучу вайнаха?

Масех бутт хьалха Европерчу цхьана пачхьалкхехь тховкIело ехначу зудчуо, ша цIера арайолучу хенахь махкахь лаьттина синхаамаш буьйцуш, иштта элира шен Маршо радиоца хиллачу къамелехь:

МухIажар: „Вистхиллачуо олуш цхьа хIума бен дац цу цIахь: дIагIур вара-кх кхузара, дIаваха меттиг хилча, дIаваха везар-кх кхузара, бохург доцург. Я суо ялаъ йолуш, цу махка кхин юхагIур со а яц“.

ХIетахь дуьйна башха хийца ца делла ДегIастанара Европе уьдучу нохчийн терахь. Бакъду, лакхадаьлла Европера ДегIастана оьхучу бес-бесарчу делагацийн терахь.

Тайп-тайпанчу Европерачу пачхьалкхашкара хилла а ца Iаш, тайп-тайпана хьукматашкара а, цхьанна а хьукматца зIе йоцуш а, бизнесан Iалашонаш хьалха лаьцна а, къайлахчу сервисийн хьашташна а, бIаьрга схьабан нохчий а, нохчийн мухIажарш а ца безаш берш а, бусулба динан гамончаш а, я беккъа цхьа даьржинчу хи чохь чIара ца лацалахь а, сеса мукъане а лацалур бацара-те аьлла сатессина авантюрхой а – Нохчийчу кху тIаьхьарчу шерашкахь оьхуш болу Европера хьеший вуно бес-бесара бу.

Масех шо хьалха Германерчу журналисташна, къаьстина тIемаш болчу меттигашкахь белхаш бечу репортерашна, юккъехь шуьйра евзаш яра цхьа немцойн журналист, аьр вай цунах Барбара. Массийтаза яхнера иза 2000-гIа шераш дуьйладелллачу муьрехь Нохчийчу, Басаев Шамилца цхьаьнакхетар хир дацара-те шен бохуш.

Цуо ша къайлахьош а дацара, шена цуьнца эвхьаза юкъаметтигаш езаш хилар, нохчийн гIараваьллачу тIемалочуьнца шен хиллачу безамах лаьцна роман язйархьама. Цу муьрехь цуо Нохчийчуьрчу тIемалойх а, могIарерачу нахах а хестаме, ткъа оьрсийн эскархойх критике артиклаш язйора. Амма цу безамах гIуллакх ца хилира, Басаевс, дийцарехь, вайн „турпалхо“ улле ца йитарна.

ТIаккха цунах догмовлла яьлла йолу и журналист Нохчийчоьнан керлачу Iедалшна гуонахьа хьийза йолаелира, царех уггаре а лакхарчу тIегIанечаьрца ша юхьаралаьцна долу гIуллакх нислур дацара-те шен аьлла. ХIетахь дуьйна хийцаелира цуьнан артиклийн чулацам а, Оьрсийчоьнгахьара Iедал хестош, тIемалошна тIе нехаш хьоькхуш.

Роман-м хIинца а язйанза ю, схьахетарехь кеп-куьцана Дала башха комаьршо ца йинчу цу зудчуьн цигахь а аьттонаш ца бийлинчух тера ду, амма Берлинерчу нохчийн диаспорехь лелачу эладиттанашца, цуьнан болх эрна ца бовчух тера ду- артиклех комаьрша совгIаташ кхочу боху цунна, Оьрсийчуьрчу цабевзачу спонсоршкара.

И санна болу авантюрхой, хьаьнгара даьлла а, шаьшна рицкъ даьллачхьана бен а доцуш болу, дукха бу Европера Къилбаседа Кавказе боьду некъ юьхьаралаьцначарна юккъехь. Ишттачех ву массийтаза Нохчийчохь хилла волу немцо Шмайхел Франк. „Шмайхел“ бохург нохчийн матте гочдича „Моттхьакхархо“ бохург ду.

Ткъа и говзалла шегахь шортта хилар цу стага ша Соьлжа-гIала массоза кхочу гойту. Иза ван мила ву я мича Iалашонца Нохчийчу оьхуш ву бохург цхьанна а хууш дац. Цуо ша-м шех „Бизнес-машин, маркетинган, зорбантийн юкъараллин инарла куьйгалхо“ олу. Цхьанна а цуьнан и „маша“ миахь ю ца хаахь.

Австрера Нохчийчу оьхуш болу хьеший хьахийча, карладолу меттигерачу нацистийн хьежамаш болчу Маршонан партин делегаци цига хIоттар. Беламе лара догIу я белхаме ала хала ду, амма Австрехь бусулбачаьрца уггаре а гома болу, массо а зуламна а, вуочу хIуманна а бусулба нах бехкелоруш болу и нах Соьлжа-гIаларчу „Нохчийчоьнан дог“ маьждиге а бигина лелийра цигарчу хьешадайша. Хаарий-те царна, и маьждиг а, цу чохь деш долу ламазаш а, цу чу мел воьдург шайн хьешашна мел гома ву? Хууш хилачух тера дац, хIунда аьлча вуьшта, австрихойн журналисташа даьхначу сарташна тIехь гуш ма-хилара, дезачу тIоьрмигаш чохь совгIаташ ца дала а там бара цара царна.

Европерачу тамашийначу хьешаша Нохчийчу боьду некъ юхьаралаьцнехь а, амма нийса бIостанечу агIор оьхурш а бац лахлуш – Нохчийчуьра Европе. Иза хила а мега Малхбузера делегацеш, - мел кIезга а царех официала ерш, - Соьлжа- гIала ихаран бахьанех цхьаъ – и нах стенна уьду шайн махкара бохучу хаттарна жоп доьхуш. Амма и жоп царна къегачу Соьлжа-гIалин урамашкахь я цигарчу официала хьукматхошкахь карадахь тамаша бу.

Тоьшалла – официала хаамашкахь ма -яздара, хIинца кху деношкахь Данера Нохчийчу яханчу мигрантийн хьукматан делагацига цуьнца цхьаьнакхеттачу къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, информацин а департаментан куьйгалхочуо Европе уьдуш болчу нохчаша аьшпаш буьтту алар.

Бакъдолу жоп лоьхуш болу Европера хьукматхой генарчу Соьлжа-гIала баха а ца оьшу, шаьш болчу схьабаьхкинуу мухIажаршка цара хаьттичхьана. Масала, шерашкахь шен тховкIелонах долчу дехарна эххар а позитиве жоп даларе сатуьйсуш волчу Тамаев Тамерлане.

Тамаев Тамерлан: „Информаци шайна ца тоьуш санна куц хIиттош, бахьанаш лоьху цара. Шозза депортаци ян сацам бина хиларх лаьцна хаам баийтина соьга. Дукхаъчу наха сох лаьцна тоьшаллаш деш, суна тховкIело ло аьлла дехарш динехь а, „хIан-хIа, уьш-м ахь дехар а дина, яздайтина дара цаьрга“ аьлла жоп делла“.

Даханчу шарахь цIера арааьллачу Сугаипова Тамаре Европерачу хьукматхоша хаьттинехь, цуо а дуьйцур дара, хIун ду Нохчийчура уьдучу нахана ца тоьуш дерг аьлла.

Сугаипова Тамара: „Ур-аталла мекх даьшнарг а, маж шайна хетачу агIор ца лелош верг а, хIара царех вуй, важа вукхарех вуй бохуш, и бекъамаш беш, хьийзаво. Маршо яц. Цундела схьаоьху-кх нах Европе, шайн паргIато а, маршо а лоьхуш“.

Амма Нохчийчу оьхуш болчу Европерчу хьукматхошна, схьахетарехь, ца оьшу нах цIера идаран бакъдолу бахьанаш. Царна шаьшна уьш юха цIехьа хьовсон бахьанаш оьшу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG