ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш даха бахьана ду Оьрсийчура, Нохчийчура полисхойн болх


Оьрсийчоь -- Москох оппозицин протестан митингера уггар тIах-аьлларш лоьцуш ю полици, 06Заз2013
Оьрсийчоь -- Москох оппозицин протестан митингера уггар тIах-аьлларш лоьцуш ю полици, 06Заз2013

Адамна кхочучу паргIатоно гойту муьлххачу а мехкан мах. Мохк маьрша белахь, нахаца лараме, оьзда хуьлу пачхьалкхан институташ а, къаьсттина кхерамазалла ларъйийраш.

Муха мах хадабо аш Нохчийчуьрчу полицин, юй и хьукхмат шун бакъонаш а, маршонаш а ларъеш? Нахаца кIеда-мерза буй цуьнан белхахой?

Иштта дара тхан кIиранан хаттар.

Стаге хьаьжжина, цуьнан оьздангалле хьаьжжина хуьлу, цо болх баран кеп а. Полисхошна юкъахь а хуьлу наггахь лортIехь нах. Амма, дукха хьолахь, коча баха бахьана лехна, цунах кхаьънаш эца боьлху цига баха, аьлла хета могIарерчу нахана. Царех ву Асланбек а.
Линкана тIе

Харцо тоьлучу махкахь, шаьш къомах лардеш лелош ю Iедалша полици. Цундела, цара мискачу нахера ахчанаш дахар магош хIума ду аьлла хета, 80 шо долчу Хьасанна.
Линкана тIе

Хизар тешна ву, полици, башха бакъболу зуламхой лацарна тIера ца хиларх. Шайна ахча делчхьана, царна кхин хIумма а ца оьшу, элира цо Маршо радиога.
Линкана тIе

Шелара Зоврбигана хетарехь, полици кIоршаме тIечехаш, бехк белахь-бацахь, ахчанаш ийзош а ю. Наггахь бен тIе ца нисло лортIехь волчу Iедалан белхахочунна, элира цо.
Линкана тIе

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG