ТIекхочийла долу линкаш

Донецкера прокуратурин гIишло схьа а лаьцна, цунна тIехула Донецкан къоман республикан байракх оьллина сеператисташа


Украинера Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа штурм йина тахана дIалаьцна, Донецкан прокуратурин гIишло. УНИАН агенталло бечу хаамца, кхерамазаллин ницкъийн белхахошна юкъахь чевнаш хилларш бу.

Штурмехь дакъа лаьцна бIеннаш наха. ГIишло дIалаьцначул тIаьхьа, цара шина агIора дIа а хIиттина, шайна юккъешхула чекхбовлийтина, гIишло дIа ца яккхийта дуьхьало йина милцой. Цул а хьалха милцоша тIелеттачарга дIаделла шайн карар герз а, леррина барзакъ а.

«Интерфаксо» бечу хаамца, ши бIе милцо хилла цигахь.Штурм йинчаргахь тIулгаш а, «Молотовн коктейл» олу, цIе йоккху шишанаш а хилла. Гiишло шайн караеанчул тIаьхьа, цунна тIехула Донецкан Къоман республикан байракх оьллина сепаратисташа.

Цул а хьалха Донецкехь марш дIаяьхьнера цхьана нехан тобано. Цигахь кхайкхамаш бира, хIинцалера Украинан Iедалшна гIортор еш йолу прокуратура схьаяккха еза, бохуш. Киеверчу Iедалех «Киевера хунта» олу сепаратисташа.
XS
SM
MD
LG