ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел Ангелас Путине дехар дина, Украинехь лаьцна болу, Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин тIеман тIехьовсархой маьршабохуш накъосталла дахьара, аьлла


Кремло бечу хаамца, Германин канцлеро Меркел Ангелас шен оьрсийн президентаца Путин Владимирца телефонехула хиллачу къамелелхь дехар дина, Украинан къилба-малхбалехь лаьцна болу, Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин тIеман тIехьовсархой маьршабохуш накъосталла дахьара, аьлла.

Кремлан зорбан-сервисо бечу хаамца, агIонаша билгалдаьккхина, Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин юкъаралла лелорах Украинехь алссам пайда эца безаш хилар.

Путина билгалдаьккхина боху, хIинца уггар коьртаниг – Украинан къилба-малхбалера тIеман дакъош ара а даьхна, ницкъ бар сацийна, конституцин реформаш ярехь шуьйра, къоман дийцарш дан дезаш хилар. Немцойн агIора кховдийнера, телефонехула къамел дарца йоьзна ойла, бохуш дуьйцу Кремлера.

Охана-беттан 25-чу дийнахь Славянскехь оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша лаьцна болу Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин миссина юкъавогIуш ву Германин а, Швецин а, Полшин, Данин а, Чехин а цхьацца векал. Масех де хьалха мукъаваьккхинера, шекаран цамгар йолу Швецера тIеман говзанча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG