ТIекхочийла долу линкаш

Славянскехь шиъ Украинан пилот вийна


Украинера кхерамазаллин ницкъаша, Оьрсийчоьнехьа болчу герзийн ницкъашна леррина операци йолийначу Славянскехь, сепаратистийн карах велла ши пилот. Сеператисташа герз тоьхнера Ми-24 беркеманна. Кхин а масех стагана чевнаш йина.

Украинан тIеман министралло бечу хаамца, тIеман беркеманашна тIе дIасалелочу зенитийн ракетийн комплексах пайда а оьцуш, герзаш диттина. Сепаратисташа бечу хаамца, Славянскехь хиллачу Iотта-баккхамехь велла цхьаъ Оьрсийчоьнехьа хилла волу жигархо. Кхин а цхьанна чевнаш йина.

Хьалхо, Украинан Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена яздинера шен Facebook агIонна тIехь, Славянскера исс блокпост каралаьцна шаьш, аьлла.
Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъаша укранихошна тIе деза герзаш диттина, цу юкъахь, гранаташ кхуьйсу тоьпаш а лелош.

Славянск онддачу гоне лаьцна ю, Аваковс дийцарехь. Антитерроран операци дIахьочу юкъанна, Славянскана тIебоьлху аьчган некъаш къевлина хир ду. Аваковс чIагIдарехь, ма-барра том бу, ахчанах тIом бечу нахаца беш.
XS
SM
MD
LG