ТIекхочийла долу линкаш

Алеппохь бомбанаша 33 стаг вийна, царах 11 бер ду


Шемахь, гIаттамхоша карахь латточу Алеппо-гIалин цхьана кIоштахь, еарин дийнахь Асад Башаран эскарша кеманашна тIера бомбанаш кхийсина дукха адам хиллачу базарна тIе. Британехь туп тоьхначу Шеман бакъонашларъярхоша бечу хаамца, и бахьанехь велла, мел лаххара а, 33 стаг. Меттигерчу лоьрийн хьесапехь, вийнарг 40 сов ву. Иттаннаш чевнаш йинарш а бу.
ТIаьхьарчу 6 баттахь цу кIоштара хьал мелла а тийна хилла.
XS
SM
MD
LG