ТIекхочийла долу линкаш

Латта а текхна, 2,200 стаг хьулвина ОвхIанера Бадахшанехь


Латта такхар бахьана долуш, ОвхIан-пачхьалкхера Бадахшан провинцехь велла хилла тарло 2,200 стаг. И бохам Стигалкъекъа беттан 2-чу дийнахь хилла бу. Оцу провинцин губернаторо бечу хаамца, дийна боллушехь, итт метр хоттана бухахь бисна оццул дукха нах.

ОвхIанхойн орцаллин урхалло бечу хаамца, цу кIоштахь кхин а латта такха тарло. Тiаьхьарчу кIиранашкахь ОвхIанан къилбаседехь дукха догIанаш дилхина. Цара дохийна некъаш, хIусамаш а, ялтийн аренаш а.
XS
SM
MD
LG