ТIекхочийла долу линкаш

«ГIирмера бакъдерг дийцарна» 300 журналистана пачхьалкхан совгIат делла Путина


Оьрсийчоь -- президент Путин Владимир Кремлера цхьанакхетарехь, Москох, 5Сти2014

Оьрсийчоь -- президент Путин Владимир Кремлера цхьанакхетарехь, Москох, 5Сти2014

«ГIирмера хиламаш бовзуьйтуш бакъдерг дийцарна» аьлла, 300 журналистана совгIат дина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Уггар дукха журналисташ ВГТРК олучу Ерриг Оьрсийчоьнан Телевизионан а, Радиона а Компанера а, Хьалхарчу каналера а, НТВера а, Russia Тoday а, Life News компанера а бу.

300 журналист билгал а ваьккхина, царна совгIаташ даларан хьокъехь арахецна 269 номер йолу омар ца карийна Оьрсийчоьнан президентан зорбан-сервисехь, бохуш дуьйцу BBC команино. «Ведомости» газето бечу хаамца, цу тIехь хила еза пачхьалкхан свогIаташ кхаьчначу журналистийн цIераш.

Президентан сайта тIехь а дац 269-гIа омар. 268-чунна тIаьхьа яздина 270-ниг ду. И омар сайта тIехь ма дац аьлла, хаьттинчу BBC компане оьрсийн президентан зорбан-сервисехь аьлла, зорба ца тоьхна омар «массарна а дац» бохург ду, схьагарехь, совгIаташ далар къайлаха дина хIума ду, аьлла. Оцу омарна юкъахь долчух лаьцна дийца а ца хIоьттина уьш.

300 сов журналистана а, цхьа моггIа хаамийн гIирсийн куьйгалхошна а совгIаташ даларх лаьцна хаам бинарг «Ведомости» газета ду. Шен агIора, и документ гинчу стоьлан дена тIетевжина ша газета.

Цу газетан хьесапехь, уггар дукха совгIаташ кхаьчнарг ВГТРК олу, Ерриг Оьрсийчоьнан Телевизионан а, Радионан а Компани ю. Царна бIе гергга совгIат делла. ШолгIачу меттехь Хьалхара канал ю, 60 совгIатца. Иттаннаш совгIаташ кхаьчна НТВена а, Russia Тoday-на а, Life News холдингана а.

«Оппозицин» лоручу цхьана хаамийн гIирсана совгIат ца делла бохуш дуьйцу «Ведомости» газето. Уггар лакхара совгIат делла боху, НТВ инарла директорна Кулистиков Владимирна – «Даймахкана динчу диканна» олу шолгIачу тIегIан орден.
Изза орденаш, амма 4-чу тIегIанера елла, Роскомнадзор куьйгалхочунна Жаров Александрна а, «Оьрсийн телевизионан а, радионан а машанийн» куьйгалхочунна Романченко Александрна а, ВГТРК инарла директоран хьалха когатеттана Златопольский Антонна а, «Россия сегодня» агенталлин коьрта редакторна Симоньян Маргаритина а, «Комсомольская правда» коьрта редакторна Сунгоркин Владимирна а.

Ведомости газето дийцарехь, Life News холдинган инарла директорна Габрелянов Арамана Сийлаллин орден елла, ткъа Life News телевизонан каналан инарла директорна Габрелянов Ашотана «Даймахкана динчу диканна» орденан хьалхарчу тIегIанан мидал елла. Цунна санна мидалш елла журналисташна Зейналова Ирадина («Хьальхара канал»), «Россия» каналан журналисташна Мамонтов Аркадийна, Корчевников Борисана а.

ДоттагIаллин орден елла «Россия» каналан модераторшна Кондрашов Андрейна а, Мацкявичус Эрнестана а.

«Даймахкана динчу диканна» олучу орденан шолгIачу тIегIанан мидалш елла 200 сов хаамийн гIирсийн векалшна: продюсершна, инженершна, монтаж ечарна, машенашлелорхошна а.

«Ведомости» хьостано дийцина, совгIаташ далар – ца хиллачу кепара дукха дара, 2008-чу шарахь Къилба хIирийчохь хиллачух лаьцна дийцинчарна 11 пачхьаькхан совгIат даларе хьаьжча. ХIетахь царна елларш Майраллин орденаш а, «Доьналлин» а мидалш бен яцара.

Оццу хенахь, блогашкахь шуьйра дийцаре деш ду, НТВено а, «Оьрсийчоь» телевизонан канало а гайтинчу сюжеташкахь, тайп-тайпана схьавалар а, политикан хьажамаш а болу цхьа турпалхо хилар. «Россия» канало бахарехь, малхбале Украинера Петков Андрей, Украинина федерализаци ян лууш ву. Ткъа НТВехь, иза мехах тIом бан вахана, еа пачхьалкхан махкалла долу стаг санна вийцинера – шортта ахча дохьуш, Майданахь лаьттачу нахана гIортор еш лелаш.
Цхьана дийнахь шина канало эфире яхийтинчу репортажехь хиллачу шалхонех лаьцна хIумма а кхета ала ца делира, каналийн куьйгалхошка. Амма НТВено тIаьхьуо хаам бира, шайн репортажехь хилла, «Аьтто секторна» ахча латтош ву боху стаг, коьртана дика воцуш ву, аьлла. Цул сов, шаьш бохбуунчаллаш лелон гIерташ хилачуха, Iорадаккха гIертачу малхбузера хаамийн гIирсашна Iоттар йира.

Делахь а, мидалш а, орденаш а яларна цхьа а новкъарло ца йира цу гIалато.
XS
SM
MD
LG