ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом марсабаьлла Славянскехь



Ницкъала тIемаш лаьтта Украинан малхбалерчу Донецк-кIоштан Славянск-гIалина гергахь. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аваков Арсена хаам бина, Украинан эскаршлахь 8 кхелхина, 30 лазийна, аьлла. Аваковс бахарехь, сепаратисташа йинчу кIелонашна буха нисбелла террорхошна дуьхьал лаьтта эскархой. Сепаратистийн могIаршкахь ву, цо дийцарехь 800 сов герзахо, цара пайдаоьцу минанаш кхуьйсучу а, кхидолчу а дезачу герзех.

Cлавянскерчу сепаратистийн штабан векалша хаам бо, Iедалан ницкъаша шайгара меттигера телевизионан гIап дIаяьккхина, бохуш. ГIалин маьI-маьIIехь лаьттачу тийсадаларшкахь шайн накъостех шайн бIаьхойх 20 велла бохуш дуьйцу, иза толлуш ду шаьш, аьлла ду оьрсех болчу меттигерчу сепаратисташа дина дIахьедар.

ТIаме ца йирзинехь а, гIоьртина ю юкъаметтигаш меттигерчу сепаратисташний, Украинан цхьаалехьа болчу бахархойнний юкъаметтигаш массех гIалахь. Цхьаццайолчу меттигашкахь лецна латтайо оьрсаша Iедалан хIусамаш. Украинано Оьрсийчоь бехкейо, цо шен лаьтта тIе герзашца юйлина диверсантийн тобанаш хьийсорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG