ТIекхочийла долу линкаш

Барт лоьху ТехIеранца зарратхоша



ГIажаройчоьнан зарратан эксперташа а, заррат герзан да йолчу 6 пачхьалкхан векалша а кху дерриг а кIиранах бертан дийцарш дIахьор ду Вашингтонехь. ГIажарийчоьне кхераме герз кхоллар дуьтуьйту дийцарш дерза деза кху шина бетта чохь.

Дийцарш аттачу дохуш ду ТехIерано ша зарратан программица талламаш бен меттигаш дуьненан эксперташна кху кIиранах гойту аларо. И меттигаш зен ГIажаройчу яхна ю Дуьненаюкъарчу зарратан энергин агенталлера тоба.

Вашингтонехь къамелаш дирзича, ГIажаройчоьнан зарратан программин хьокъехь кхеташо дIахьор ю Венехь арахьарчу гIуллакхийн министрша.
XS
SM
MD
LG