ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман аьлянсера ши кирлелорхо вийна Пакистанехь


Пакистанехь некъаца тIеман кир эцна йоьдучу Атлантикан Альянсан машенийн коврана тIелетта тIалибаш. Велла ши стаг. ОвхIанистанна гергарчу ХIайбер кIоштахь дина тIелатар. Байинарш машенлелорхой бу. Дина зен шена тIе ца эцна тIалибийн тобанех цхьаммо а. Амма хьалха и тайпа тIлетарш нисделча, уьш шаьш динийла хоуьйтуш хуьлура Пакистанера тIемалой.

Пакистанехула бен бац Iамеркара хIордаца схьабохьу кир ОвхIанистане кхачабе некъаш. Ткъа Атлантикан альянс бут-батте мел болу лахбеш ю ша ОвхIанистанехь латточу тIеман ницкъийн барамаш.

XS
SM
MD
LG