ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимир кхетамчу валорхьама


Украина -- "Украина Оьрсийчоь ю" боху йоза долу гата тоьхна шайн блокпосте Луганскерчу сепаратисташа, 5Заз2014
Украина -- "Украина Оьрсийчоь ю" боху йоза долу гата тоьхна шайн блокпосте Луганскерчу сепаратисташа, 5Заз2014

Швейцарин президент Буртгхальтер Дидье Москох гIур ву кхаарий дийнахь Украинин хьокъехь дагадовларш дIадахьа. И барт Германин канцлеран Меркел Ангелин а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а рог1ерчу телефонан къамелехь хилла.




Малхбалерчу Украинехь къепедацарш лелочу сепаратистийн тобанаша шаьш закъалтана лаьцна латтош хилла болу Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин векалш кIирандийнахь эххар а маьрша баьхначул тIаьхьа рогIера телефонехула къамел хилла немцойн кацлеран Меркел Ангелин Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца.

Цкъа хьалха Оьрсийчоьно ГIирма ах-гIайре шен дола а яьккхина, ткъа цул тIаьхьа цу пачхьалкхан малхбалехь Оьрсийчоьнгахьа болчу ницкъаша къепедацарш долийча дуьйна схьа Германин канцлер санна жигара Кремлан коьртачу гIентан деца зIенехь цхьа а Малхбузера куьйгалхо вац. Немцойн журналисташа дагардарца, кху тIаьхьарчу кхаа баттахь дейттаза хилла цу шинна телефонехула къамел.

Цхьаццаболчу немцойн сатирикаша забарш йо цу хьокъехь, кхечу немцойн зударша бIаьстенан мукъаденошкахь бешахь зезагаш доь, ткъа Меркел Ангелас Путинца хабарш дуьйцу, бохуш.

Амма забаренна а доцуш аьлча, Малхбузерчу куьйгалхойх уггаре а готта уьйраш Путинца лелон гIерташ йолчу немцойн канцлерна хьалха лаьттарг атта Iалашо яц.

РогIера шен Путин Владимирца къамел хиллачул тIаьхьа Меркел Ангелас дIахьедар дира журналисташка, Украинера хьал хIара бутт бовш дIабахьа лерина харжамаш тIекхачале аттачу даккхар ца хилахь, тIаккха дуьненан юкъаралла Оьрсийчоьнна дуьхьал рогIера санкцеш ца йича ер яц, аьлла.

Меркел Ангела: „Нагахь санна цунах тIедогIучу деношкахь гIуллакх ца хилахь, - хIунда аьлча стигалкъекъа беттан 25-гIа башха генахь а ма даций, - тIаккха кхин дIа йолу санкцеш ца йича ца йовлуш хир ю. Вайна ца лаьа и некъ юьхьаралаца, вай кхин дIа а дипломатийн некъ кхийдош ду. Ткъа иза доккхачу декъехь Оьрсийчоьнан карахь ду – вай муьлхарниг некъ юьхьаралоцур бу бохучух сацам бар. Амма мухха делахь а, вайн Iалашо кхин дIа а цхьаьна, юкъара некъ лахар а, дIабахьар ю“

И некъ, Украинера къепедацарш совцон а, цигахь масех кIира даьлча дIабахьа лерина болу харжамаш новкъа-нацкъара хIума а доцуш чекхбовлийтар а, - билгал а Оьрсийчоьнца юкъар хилийтархьама стигалкъекъачу беттан ворхIалгIачохь Москоха ваха лерина ву Швейцарин президент, карарчу хенахь иштта Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин куьйгахочуьн даржехь волчу Бургхалтер Дидье.

Швейцарин президент хIинцалца схьа а вара Украинехь хьал аттачу даккхарехь кхахьоьгуш. Москохан воккха доттIагI санна Малхбузехь ларалуш волу иза, ала дашна, даханчу Iай, Европера куьйгалхой цхьаъ-вукхунна тIаьхьа, Сочерчу олимпикан ловзаршка ца боьлхуш севцича, ша-м гIур ву цига аларца а, юха цига вахарца а билгалвелира. „Аш дийцарехь-м кесталгIа цхьанхьа а ваха а йиш хир ма яц“, - элира цуо хIетахь журналисташа шен цу сацамна критика йича.

ХIинца дипломатан ролехь Москоханий, Киевний юккъехь барт бан хьажа араваьлла волу Бургхалтер масех кIира хьалха Украинехь хилира, цигарчу ханна хIоьттинчу куьйгаллийца цхьаьнакхетарш а дира цуо. Кху деношкахь Бургхалтерс дIахьедар дира, ша дан йиш йолуш дерг дерриге дийр ду, шина пачхьалкхана юкккъехь тIайнаш юхаметтахIотторхьама, аьлла.

Амма дуьненан юкъаралло мел жигара и дов дерзон гIерташ дакъалацахь а, Украинин куьйгалла шен махкахь да хила Iаммалца, цу арахьарчу ницкъаша йохучу гIулчех пайда хир бац аьлла хеташ ву Венерчу университетан магистр волу, политологин Iилманча Чапханов Руслан.

Чапханов Руслан: „Шен цIа хIораммо ша лардан дезаш ду. Цуо ша шен цIа ларош хилча,лулахо а вогIу цунна гIо дан. Уьш хIун лууш бу кхеташ вац со. Шайн метта цхьа да а ван а веъна, тIом бан беза, лата веза аьлла хеташ бу уьш. Делахь а, дуьненчохь лелачу Iадаташца иштта ца хуьлу-кх иза. Ахь хьайн чоь лар ца йича, лулахо а ца вогIу иза ларйан“.

Цхьаццаболчу Малхбузерчу тергамхошна Оьрсийчоьнца дехарш даран дипломатих гIуллакх хуьлчуьра хьал даьлла аьлла хета. Иштта, масала, хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн Украинехь векал хиллачу, ткъа хIинца Вашингтонерчу Брукингерчу институтан аналист волчу Пайфер Ситивенна хетарехь, санкцеш Оьрсийчоьнан хьукматхошна шаьшна дуьхьал яьхна а ца Iаш, церан доьзалшна дуьхьал а яха еза.
XS
SM
MD
LG