ТIекхочийла долу линкаш

Нийсса бIостанехьа ду Лавров Сергейна Украинехь гург



Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Украинера хьал дуьненаюкъарчу кхеташонаша дийцаре дечохь, Киевера Iедал хилла ца Iаш, хила догIу мехкан малхбалера а, къилбера а гIаттамхой а, аьлла. Ша дуьхьал вац Женевехь бертан дийцарш долорна, амма маьIна дац церан, оппозици цига кхойкхуш яцахь, ткъа хьалхо, еа пачхьалкхо дакъа а лоцуш, Женевехь бина барт бохош «дика дакъалецира массара а», бохура Лавровс.

Цунна хетарехь, Украинан эскарш юхадовла деза шаьш тIемаш бечу меттигашкара, пачхьалкхехь барт хуьлийла лаахь. «Боьдуш тIом а болуш, президентан харжамаш тамашечу хьелашкахь дIахьойла дац, и тамаше а хир ду», элира цо.

Оьрсийн дипломатин лидеро и къамел дира Венехь шинарий дйинахь Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрш цхьанакхеттачохь.
XS
SM
MD
LG