ТIекхочийла долу линкаш

30 сепаратист вийна эскарша Славянскехь



Шинарий дийнан сарахь Украинан парламентан рогIехь йоцчу кхеташонехь тIеман министра Аваков Арсена хаам бина Донецк-кIоштан Славянск-гIалахь телевизионан гIопехь бинчу тIамехь Iедалан ницкъаша 30 Оьрсийчоьнехьа хилла герзахо вийна оршот дийнахь аьлла.

ГIаттамхоша дохийна эскаран бера-кема. Иттех гIалахь оьрсаша лецна латтаден Iедалан цIенош мукъадаха а гIерта полици, бохура Аваковс.

Парламенто а, цунна хьалха къамелаш динчу урхаллийн куьйгалхоша а бехкейира Оьрсийчоь шайн мехкан гIулллакхашна юкъагIертарна.
XS
SM
MD
LG