ТIекхочийла долу линкаш

Путина хьехам бина Украинерчу сепаратисташна



Швейцарин президента БуркхIалтер Дидьес, вуно хьаште ду Оьрсийчоьно Украинаца диалог йолор а, Iена цIий сацор а элира президенте Путин Владимире ша цуьнца Москох кхарий дийнахь динчу къамелехь. Европан кхерамзаллин а, цхьанаболхбаран а организацин коьртехь волчу БуркхIалтера а, Путин Владимира а доцца къамел дира журналисташца шаьшшиъ къевлинчу хьелашкахь къамел дан охьахаале.

Дийцарш дирзинчул тIаьхьа Путин Владимира дехна Украинан малхбалерчу сепаратисташка, шаьш кху беттан 11-чу дийнахь махках къастаран хьокъехь ян кечъен референдум юхаяккхар.
XS
SM
MD
LG