ТIекхочийла долу линкаш

ХIомс йитина Шемарчу гIаттамхоша



Шемарчу ХIомс-гIалахь шаьш лецна латтийна меттигаш йитина цигарчу гIаттамхоша, дахначу кIиранах Iедалца ханна тIом сацон бинчу бертах пайда а оьцуш. ХIомсан губернатора Барази Талала хаам бина, гIаттамхой кхаарий дийнахь автобусашца шайн провинцин къилбаседехьа йолчу ТалбисехI а, Ал-Дар ал-Кабира а гIаланийн агIор дIабахана аьлла. ГIаттамхойн векалша бахарехь, церан 1200 бIаьхо юьставаьлла ХIомсера, иза Iедалан ницкъийн кара а луш. И гIала йита дезна шо сов Асад Башаран эскарша гонехь латтийначу гIаттамхойн.
XS
SM
MD
LG