ТIекхочийла долу линкаш

Франце даздаршка гIур ву Путин Владимир



Францерчу Оьрсийчоьнан векала бахарехь, президент Путин Владимир бутт баьлча Париже кхочур ву Малхбузерчу лидерша дуьненан шолгIачу тIамехь баьккхина толам базбечу барамехь дакъалаца.

И хаам беш дипломатин декъан куьйгалхочо Орлов Александра элира, Мангал-беттан 6-чу дийнахь Путина кхечу лидершца цхьаьна билгалдоккхур ду оцу дийнахь 70 шо хьалха оьрсийн а, Малхбузенан а эскарш Гитлер вохочу тIеман новкъахь , Нормандехь, дуьхь-дуьхьал кхачар, аьлла.

Оьрсийчоьнан векала Орловс и хаам балле сахьташ хьалха Францин президента Олланд Франсуас элира журналисташка, ша Оьрсийчоьнан президенте а кхайкхина оцу барамехь дакъалаца, аьлла.
XS
SM
MD
LG