ТIекхочийла долу линкаш

Кутаев Русланан кхелера беламе тешаш



«Кавказан къаьмнийн ассоциацин» президентна Кутаев Русланна тIехь ечу кхелан кхаарий дийнан ладегIаршкахь суьдхоша левина, иза шеца лелош наркотикаш ю аьлла, лаьцна волу кхо полисхо. Гихтахь Кутаевгара наркотик йоккхуш тоьшалле шаьш хIоттийнарг цхьа шашаха тIенисвелла юьртара воцу ши стаг вара, бохура полисхоша.

Ткъа цара Кутаев юьрт декъахь йолчу кIоштан шахьара Хьалха-Мартана вуьгучу меттана, цхьа а хIоттийна кехат а доцуш, Соьлж-ГIала полице вигина хилла. Шина тешах цхьаъ ша а ву хьалхо наркотикаш лелорна кхелера таIзар текхна стаг.

ШолгIачо ша Гихта тIехьийза йоI йолчу кхаччарх нисвелла тоьшалле бохура, амма хаьттича дага ца баьхкира цунна ша ирахь Iан веъначу йоьIан битамаш а я цуьнан тайпан цIе а.

"Со боцчу бехкана жоьпе а озийна, цуьнан бахьана со политик хилар а, ас Iедална критика ян сайна магош хилар а ду» - элира шена ечу кхелехь Кутаев Руслана.

Кху беттан 16-чохь хир ду кхелан рогIера ладегIарш.
XS
SM
MD
LG