ТIекхочийла долу линкаш

20 сепаратист вийна Мариуполехь



ПIераскан дийнан делккъехь Украинан малхбалерчу декъехь лаьттачу Мариуполь-гIалахь тIематасадалар хилла сепаратисташний, меттигерчу полисхошний юкъахь. ГIалара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалла дIалаца гIиртинчу оьрсех вийна полицино 20 герзахо. Iедалан ницкъех велла кхоъ.

Интерфаксехула сепаратисташа хаам бо, полицино гIагIадиллинчу техниках пайда ийцира бохуш. Оцу юкъанна Толаман де дIадаьхьна Оьрсийчоьнах дIакхета гIертачу Донбассерчу а, Украинан цхьааллехьа болчу а мехкан бахархоша.
XS
SM
MD
LG