ТIекхочийла долу линкаш

Мариуполера тIом



ГIоьртина лаьтта хьал Украинан махбалерчу кIошташкахь. ПIераскан дийнахь тIематасадаларш хиллачу Мариуполь-гIалахь шолгIачу дийнахь а хилла къепедацарш. Меттигерчу полицин куьйгалхочо Андрощук Валерийс хаам бина, шоьтан дийнахь а бара йиттинарш, лечкъийнарш аьлла.

Полицин урхалла яккха тIелеттачу оьрсийн террористашна дуьхьал лаьтташ полисхоша вийна пIераскандийнахь 20 стаг. Велла цхьа Iедалхо а. «Лазийна 4 полисхо, йийсарвина 4 сепаратист», - элира лаьттинчу тIеман жамI довзуьйтуш Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аваков Арсена.

Шотт тезетан де дара Мариуполехь.
XS
SM
MD
LG