ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу ХIомсе юхабаьхкина бахархой



Асад Башаран ницкъашца барт а хилла, Шемарчу гIаттамхоша йитинчу ХIом -гIала юхабаьхкина шина шарахь гергга бедда лелла бахархой. ХIомс-кIоштан губернатора Барази Талала дийцарехь, кхераме йоцуш, минанех, кхечу герзах цIена ю гIаттамхоша йитина гIала.

Шарахь сов Асад Башаран эскарша гонехь латтийначу Дуьхьалонан дакъоша, мацалла гIали чохь яьржича, бина и йита сацам. Иштта, ницкъ тоъал бацарна мукъайитина шайх гIаттамхоша коьрта шахьар Демаьшк а, цунна гонахара кIошташ а. Амма дуккха а мехкан лаьттанаш ду Асадан олаллера девлла а.
XS
SM
MD
LG