ТIекхочийла долу линкаш

Эл-Фулуджехь тIом бу боьдуш



ГIаттамхоша лаьцна латточу Эл-Фалуджи-гIалина тIе деза герзаш детташ, Иракъан Iедалан ницкъаша шоьтан дийнахь вийна 11 стаг. Цигарчу дарбан цIийнерчу лоьро Шами Ахьмада францойн AFP агенталлига хаийтира, 20 стаг ву бомбанаша лазийна а, аьлла. Еарий дийнахь йолийна суннаташ алссам беха Эл-Фалуджи а, лулара Анбар-гIала а мукъайоккху операци Иракъан эскарша.

Iедало хаамаш баржабо, шен ницкъаша дуккха а гIаттамхой хIаллакбина бохуш. Лаьттачу тIематасадаларша йохийна цигара хIусамаш, маьждигаш. Шо доладелчхьана вийна Эл-Фалуджехь 300 сов стаг, доккхах дакъа маьрша бахархой а болуш.
XS
SM
MD
LG