ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Ахьмадна шолгIа музей а хIоттийна



ШолгIа музей а схьайиллина Кремло Нохчийчоьнан коьрте хIоттийна хилла куьйгалхо Кадыров Ахьмад вийна 10 шо дузар билгалдоккхуш Куьршалой-Эвлахь. Цигахь цо схьайиллина хиллачу исламан институтехь лаьттина хьелаш, цо лелийна бедарш, йийбар меттахIоттош, чоь а кечйина оцу музейхь.

Зазадоккху-беттан 10-чохь билгалдоккхуш дара Кадыров кхелхина де Нохчйчоьхь. 2004-чу шеран Толаман дийнахь Соьлж-ГIаларчу стадионехь бевзаш боцучара эккхийтар дича кхелхира Кадыров Ахьмад а, массех куьйгалхо а, маьрша нах а. Оццу хиламца боьзна бара кхин цхьа къоман бохам а – 70 шо хьалха вайнах Сталина махках бохор. Ткъа къам дохийна де ду Чиллан-беттан 23-гIаниг.
XS
SM
MD
LG