ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь, Путин цавеза аьлла, йиттина журналистана


Украинехь, Одесса-кIоштарчу Котовск-гIалахь муьлуш бу ца хуучу наха тIелатар дина меттигерчу журналистана Ярошенко Александрна. Цуьнан петарна чу а лилхина, «Хьуна Путин ца веза» бохуш, легаш а Iуьйдуш, йиттина цара журналистана.

Ярошенкон аьтто баьлла, корех ара а иккхина, церан карара вала. Дукха хан ялале цIавеача шен петар ягийна карийна цунна. Зуламхоша ягийна Ярошенкон компьютер а, мобилан телефонаш а, видеокамера а, дерриг а документаш а. Хилларг бахьана долуш таллам бу дIахьош.
XS
SM
MD
LG