ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШолгIа мур хир бу Литван президентан харжамашкахь


КIирандийнахь Литвахь хиллачу президентан харжамашкахь толам баккха аьтто ца баьлла цхьана а кандидатан. И бахьана долуш шолгIа мур хир бу цигахь. Хьалхарчу муьрехь хьалхаяьлла карарчу хенахь Литван президент йолу Грибаускайте Даля. Цунна шайн каьжнаш дIаделла 46 процент харжамхоша.

ШолгIачу меттехь ву Европарламентан депутат Бальчитис Зигмантас. Цо гулдина 14 процент хиллал кхаьжнаш. Литван президентан харжамашкахь дакъалоцуш вара 7 кандидат. Кхаж тосуш дакъалецира 54 процент харжамхоша. Грибаускайтеса а, Бальчитиса а дакъа а лоцуш, шолгIа мур хир бу кху беттан 25-чу дийнахь.

Литван исторехь дуьххьара хаьржина йолу зуда-президент хилира Грибаускайте 2009-чу шарахь. Украинехь лелориг бахьана долуш Оьрсийчоьнна критика еш ю иза. ТIаьхьарчу хенахь цуьнан рейтинг хаа а луш хьала яьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG