ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тангиев Тимур бакъвеш Страсбурган Кхело бина сацам юхаталла йолаелла Нохчийчура лакхара Кхел


Оьрсийчоь -- ГIарол ву, велла дIаваллалц набахте хьажийначу тутмакхан куьйгех гIоьмаш тухуш, Сосновка эвла, Мордови, 01Тов2009
Оьрсийчоь -- ГIарол ву, велла дIаваллалц набахте хьажийначу тутмакхан куьйгех гIоьмаш тухуш, Сосновка эвла, Мордови, 01Тов2009

Нохчийчура Лакхарчу Кхело 2004-чу шарахь деза а, тIех деза а зуламаш дарна бехке а лерина, 24 шарана чувоьллинчу Тангиев Тимуран гIуллакх юхаталла долийна Соьлж-гIалахь. Европера Адамийн Бакъонийн Кхело 2012-чу шеран ГIуран беттан 11-чу дийнахь бинчу сацамца а догIуш, лаьцна латточу хенахь, Тимурана тIехь ницкъ бина, цуьнга тIелацийтина, цо ца дина зуламаш. Нохчийчохь лаца а лаьцна, чувоьллина Iачу юкъанна, Страсбургера Кхелан сацамца дуьххьара юхакъастош ду Нохчийчура тутмакхан гIуллакх.

2012-чу шарахь, ГIуран беттан 11-чу дийнахь Страсбургера Адамийн Бакъонийн Кхело сацам бинера, Соьлж-гIалин вахархочунна Тангиев Тимурана тIехь, лаьцна латточу хенахь къизаллаш лелийнера, аьлла. И бахьанехь тIелаьцна цо, ша ца дина зуламаш. Цул сов, билгалдаьхнера, кхел дIахьуш хилла цхьана ца дараш а. Шен сацамца Адамийн бакъонийн Кхело Оьрсийчоьнна тIедиллина, Тангиевна динчу халахетарна 45,000 евро гIуда такхар а.

Страсбургерчу Кхелан сацам болх бан болабелла 2013-чу шеран Охана беттан 29-чу дийнахь дуьйна. Цул тIаьхьа 7 бутт баьлча Оьрсйчоьнан Лакхара Кхел йолаелира иза кхочушбан. Шен агIора, Москохара Лакхарчу Кхело и гIуллакх Нохчийчоьнан лакхарчу Кхеле хьажийна юхаталлийта.

Тимурна а, цуьнан доьзална а боккха кхаъ хиллера Страсбургерчу Кхелан сацамах. Амма, дагахь а ца хилларг ду, хIинца цуьнан дахарехь.
Оццу лакхарчу тIегIанера кхело бинчу сацаман ницкъ, Нохчийчохь гIорасиз бу. Тангиев Тимуран нанас Яхитас хьастагIа хIара къамел динера Маршо радиоца.

Тангиева Яхита: «Хьуна моьттург бакъ даций, хьо аравер бохруг бакъ даций, оха хьо араволуьйтур ваций..." И кхерамаш тиссал совнаха "кхин тхан дан хIума ца хилахь, оха хьо вуьйр ву" бохург, цхьа бух болуш хила ма дезий.»

Тимурана кхерамаш туьйсурш бу иза лоцуш а, цунна тIехь къизаллаш лелийнарш а. «Шен гIант лардеш Нохчийчура кхелахо ваьхьар вац, хьо бакъвеш сацам бан, оцу кхелехь, хьо бехке ву аьлла, ахьа мукIарло ца дахь, хьо вуьйр ву», аьлла цара Тимуре. Шега кхийдочу харцонашна духьало еш цо шен куьйган пхенаш хедийнера.

Соьлж-гIалара Ханна Нах Лаьцна Латточу Изоляторна чура Маршо радиоца хиллачу къамелехь Тимурас дийцира, ша ара ца валийта, виен тарлуш ду, аьлла. Цул сов, Оьрсийчохь Путинан Iедал мел ду а, цо Нохчийчохь хIинцалера Iедал мел латтадо а, нийсо тоьлур яц элира Тимура.

Тангиев: «ХIокху республикехь хIара Iедал мел ду, кхузахь цхьана цхьа нийсо хир яц. Кхелан нийса сацамаш хир бац. Бехккъасторхойн кхелаш а хир яц. Цхьа а, нийсонца доьзна хIума хир долуш дац. ХIинццалца а чубоьхкина, кхин дIа а бухкур бу. Бехк-гуьнахь боцурш. Сан гIуллакхца воьзна Магниторскехь цхьаъ ву чувоьллина, Чагаев. Вуьшй Екатеринбургехь бу. ХIинца уьш кхерон, царна тIеоьхуш ФСБешникаш бу, цаьрга суна дуьхьал тоьшаллаш далийта.»

Норвегехь тхов-кIело а ехна, шен деа бераца ехаш йолчу Тимуран хIусамненан Фатимин, цхьа кIеззиг елахь а, дегайовхо ю, шен берийн да бехке ца хилча, набахтера араволуьйтур ду бохучуьн. Делахь а, дукха нах бу цу зуламна юкъаозийна.

Фатима: «Царна иза аравалийта ца лаар, шаьш гучу ца дахийта, шаьш лелийна харцонаш гучу ца йовлийта, шайн белхан меттигаш ца йохийта, харцо гучу ца ялийта, шайниг чекхдалийта деш ду аьлла хета суна.»

Нагахь санна, Тангиев Тимуран гIуллакх толлуш, Нохчийчохь нийсонан сацам тIеэцахь, вуно дукха гIуллакхаш юхаталла дезар ду. Оьрсийчура уггар луьрчу набахтешкахь яккхий хенаш токхуш эзарнаш нохчийн кIентий бу, оьрсийн эскархоша «зачисткаш» олу тIеман операцеш дIахьуш, шайн чура дIабигина. Сихха вовшахтоьхначу кхелашкахь харц тоьшаллашца, тIамехь ян тарлучу дуьхьалонна гена баьхна. Нагахь, Нохчийчура Лакхарчу Кхело Тангиев Тимур юха а бехке веш сацам бахь, цо керла агIо йоьллур ю Страсбургерчу Кхелан балхахь.
XS
SM
MD
LG