ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко ларам ца бо Украинерчу Донецкан а, Луганскан а кIошташкахь хиллачу «референдумашна»


Цхьаьнатоьхначу Штаташна лараме яц Украинерчу Донецкан а, Луганскан а кIошташкахь хилла «референдумаш» аьлла цIе тоьхна акцеш. Цуьнах лаьцна хаам бина Iамеркан Пачхьалкхан департаментан зорбан секретаро Псаки Джена. Цо дийцарехь, уьш низамца йогIуш яц. Цул сов уьш аьттехьа а йогIуш яцара Украинин низамашца, къа церан Iалашо яра пачхьалкх екъа а, махкахь къепедацарш кхолла а.
XS
SM
MD
LG