ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Халкъан губернатор" махках валийтина Украинин дозанхоша


Шинарийн дийнахь, муьлаш бу ца хуучу наха тIелатар а дина, чевнаш хилла волу «Луганск-къоштан «халкъан губернатор» Болотов Валерий къайлах вада а ца водуш, официалан кепара дIавахана Оьрсийчу. Пачхьалкхан дозанан сервисан гIаьнден гIоьнчо Астахов Сергейс бинчу хаамца, Болотов, Украинин паспорт а гайтина, махках ваьлла «Должанский» олучу дозанерчу пунктехула.

Астаховс дийцарехь, и стаг сацаве аьлла цхьа а омра дацара делла Украинин кхерамазаллин органаша. Лаккхарчу Радехь вист хуьлуш Украинин халкъан депутато Ляшко Олега критика йира мехкан ницкъаллин структурашна.

Сепаратизмаца къийсам дIахьош ду шаьш бохуш, моттаргIанаш лелош болу нах жоьпе озо беза бохуш вара иза. Сепаратистийн лидер дозанехула чекхвалар талла аьлла омра делла Украинин президентан декхарш кхочуш деш волчу Турчинов Александра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG