ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертаца гергарло чIагIдеш ю Гуьржийчоь а, Молдова а


Евробертаца йохка-эцаран а, политикан а пакт тIеэца дагахь ю Гуьржийчоь Мангал-беттан 27-чу дийнахь. Цунах лаьцна Тбилисехь Гуьржийчоьнан премьер-министрца Гарибашвили Ираклица дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа хаам бина Европан Кхеташонан куьйгалхочо Ромпей Ван ХIермана. Гуьржийчоьнца и барт бар мехала хилам бу бохуш вара иза.

Ромпейс дийцарехь, Гуьржийчоьно гайтина ша демократин институташ хилар лоруш а, бакъо толийта лууш а пачхьалкх хилар. «Гуьржийчоь маьрша демократин пачхьалкх ю, арахьара бечу Iаткъаме хийцалур боцу шен некъ хаьржина йолу элира Европан Кхеташонан куьйгалхочо. Хьалхо Кхаарин дийнахь Ромпейс дIахьедар дира, Молдавино Евробертаца ассоциацин яран барт тIеоьцур бу Брюсселехь Мангал-беттан 27-чу дийнахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG