ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шахтехь бохам хилла Туркойн махкахь


232 стаг велла Туркойн-махкахь, шахти чохь бохам а хилла. БIеннаш нах лаьттан бухахь бисина бу. Беллачу шахтерийн терахь алсамдала мегаш ду. Туркойн премьер-министр ЭрдохIан Реджеп хилла бохам хиллачу меттигехь. Цо тIаьхьатеттина шен Албане хила езаш йолу визит.

Дуккха а адамаш а дойуш, бохам хилар бахьана долуш Туркойн-махкахь кхаа денна лерина тезет кхайкхийна. ЦIе а йолуш эккхар хилла Маниса-провинцехь Сома-гIалахь йолчу шахтехь. Iедалша дицарехь, эккхар хиларан бахьана ду тоькаца доьзна. Туркойн энергин министро Йылдыз Танера бинчу хаамца, бохам хуьлуш цу шахтан чохь хилла 787 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG