ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Горгачу стоьло" гIо дийр ду Украинера хьал дIанисдеш


​«Горга стол» кечйина Украинин Iедалша Кхаарин дийнахь Киевехь. Цуьнан Iалашо ю, Iедалан декъашхоша а, парламентан депутаташа а, регионийн векалша а дакъа а лоцуш, махкара хьал аттачу даккха гIортар. Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бац.

«Горгачу стоьлан» декъашхоша дийцаре деш ду къам цхьаъ хилла дIахIоттарца а, конституцин реформа ярца а доьзна долу хаттарш. Цу дагадовларшкахь модератор ву Мюнхенерчу кхерамазаллин конференцин гIантда волу Ишингер Волфганг.

Iамеркан Къайн ЦIано къобул дина и гIуллкх. Вашингтоно кхайкхам бина Оьрсийчоьне цунна гIортор яхьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG