ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Братиславера НАТО-н конференци


Оьрсийчоь герзашна ахча духкуш а йолуш, Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсан декъашхоша тIеман хьашташна дойъу ахчанан барам лахбар нийса дац аьлла дIахьедар дина НАТО-н Инарлан секретаро Расмуссен Фог Андерса. Къаьсттина иза хьакхалуш ду Малхбалерчу а, Юккъерчу Европера пачхьалкхех.

И дIахьедар Рассмуссен дина Еарин дийнахь Братиславехь дIайоьдуш йолчу кхерамазаллин конференцехь. Цо билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу пхеа шарахь Оьрсийчоьнан тIеман бюджет алсам яьлла 10 процентана. Цу хеннахь цхьайолчу пачхьалкхаша шаьш тIеман хьашташна дойучу ахчанан барам лахбина 20 процентана.

Расмуссена иштта дIахьедар дина Украинера кризис дIаяккхар Iалашонца цхьа а гIулч ца яьккхина Оьрсийчоьно аьлла. Кхаа денна леринчу кхерамазаллин конфренцехь иштта дакъалоцуш бу Словакин а, Полшин а, Венгрин а, Чехин а премьер-министрш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG