ТIекхочийла долу линкаш

Донецкерчу сепаратисташна къайлах йоцу гIортор ян сихлуш яц Оьрсийчоь


Оьрсийчоьнан арахьарачу гIуллакхашкахула йолчу министралло дIахьедар дина шайна хIумма а хууш дац «Донецкан халкъан республико» Оьрсийчоьнна юкъаэца аьлла динчу дехарх лаьцна аьлла. Еарин дийнахь хиллачу брифингехь цу министраллан векло Лукашевич Александра хаам бира, цу хьокъехь зорбанан гIирсашкахь хаамаш хиллехь а, шена хезна дац официала кепара цу тайпа дехар шайга кхаьчна хиларх лаьцна аьлла.

Цо а элира карарчу хенахь коьртаниг Украинехь махкахошна юкъахь тIом ца хилийтар ду аьлла, хьалха министро Лавров Сергейс аьлла долу дешнаш. Референдум йо шаьш аьлла хIума лелийначул тIаьхьа Донецкерчу сепаратисташа кху беттан I2-чу дийнахь дIахьедар дира шаьш йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийна аьлла.
XS
SM
MD
LG